Презентация для мероприятия на день чеченского языка
Cкачать презентацию: Презентация для мероприятия на день чеченского языка
Презентация по слайдам:
Слайд #1
Ненан мотт
Воккхаве со хьуна хуъучу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш 1амо дезна уьш
Хьуна ца моьттинехь…
Сулейманов А.С.

Слайд #2
«Шен Ненан мотт халкъо
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато.
Цхьаммо а хьошур йац»
Мамакам М.А.

Слайд #3
Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
ДоттагIа, варийлахь,
Цунах ма херлолахь;
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй,хаалахь!
Саидов Б.С.

Слайд #4
«Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш ч1ог1а хьалдолуш бу».
П.К Услар.

Слайд #5
Оьрсийн гоьваьллачу йаздархочо Л.Н. Толстойс
иштта хастаме дош аьлла вайн маттах:
«Нохчийн мотт уггаре хьалдолчу а, мехалчу а меттанех цхьаъ бу,
нагахь хьуна кхоччуш дика хууш белахь».

Слайд #6
«Ненан мотт - иза халкъан йуьхь йу, орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац.
ХIора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хуъуш а хила веза. Iамадайша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа хьалха шайн ненан мотт Iамабай, оцу маттахь йаздан а, деша а Iамадай…»
Айдамиров Абузар
