Урокан тема: Доца шеконан мукъа аьзнаш
Читать

Урокан тема: Доца шеконан мукъа аьзнаш

Cкачать презентацию: Урокан тема: Доца шеконан мукъа аьзнаш

Вставить эту публикацию

Вставить код

    Ничего не найдено.
Click here to cancel reply.

Презентация по слайдам:


Слайд #1

Урокан ц1е:
Доца шеконан мукъа аьзнаш (а,у,и)

Слайд #2

Актуализаци
а) Стенах олу фонетика?
б) Вай олуш а, вайна хезаш долчух х1ун олу?
в) Вайн маттахь долу дешнаш мас озах хила тарло?
г) Нагахь вай олуш а, вайна хзаш а дерг аз делахь, и аз йозанехь билгалдеш долчу хьаьрках х1ун олу?
д) Шайн кхолладаларан башхаллашка хьаьжжина, нохчийн меттан аьзнаш муха хуьлу?
е) Нохчийн абатан д1ах1оттамах лаьцна х1у хаьа шуна?

(ч1ог1а хьаьрк нохчийн маттахь аз билгалдеш лела)
(къамелан аьзнаш 1амочу 1илманан декъах)
(аз)
(цхьана йа масех озах лаьтташ)
(элп)
( мукъа а, мукъаза а)
( н/а 49 элп ду, царех мукъанаш 15 ду, оцу 15 мукъачу элпах шина хьаьрках лаьтташ 5 ду, цхьана хьаьрках лаьтташ 10 мукъа элп ду, мукъаза элп 32 ду, шина хьаьрках лаьтташ 10 ду ………… (царах шалха мукъаза элпаш олу)
ё) Дерриге а шалха элпаш лерича мукъанаш а, мукъазнаш а мас ду?
ж) Нохчийн абатехь шалха элп мас ду?
з) Мас хьаьрк ду нохчийн абатехь ?
и) Ч1ог1ачу хьаьрко х1ун до?
(5- мукъанаш,
10-мукъазнаш)
(15 ду)
(ъ, ь)

Слайд #3

1.Хандош а, цунах схьадаьлла дош а доцчу кхечу дешнашкахь -а,-у,-и- шеконца хезаш хилахь, -а - йаздо.

Масала:
олхазар, эскар, урам, орам, тускар, ч1урам, хьормат, хорбаз.

Слайд #4

2.Хандош хилахь, карарчу хенахь –у, 
йаханчу хенахь –и йаздо.

Масала:
ц1ийнан ога – т1улг огу – т1улгаш эгира;
шийла хьоста (шовда) – бер хьосту, бераш хьаьстира;
зезагийн хьожа – зезагашка хьожу-зезагашка хьаьжира.

Слайд #5

3.Йукъарадериг – вайн матте т1еэцна ши дош: лозунг, тужурка.
Дифтонг йолчу ц1ердешнашкахь г-ний, к-ний хьалха а, дифтонг йоцчу ц1ердешнашкахь г-ний, к-ний хьалха –и— йаздо.
Масала:
зезаг — зиэзаг,
пелаг — пиэлаг,
хьаьрмик, хаьштиг, т1оьрмиг.

Слайд #6

4.Лаамечу билгалдешнийн а, рог1аллин терахьдешнийн а, доладерзоран ц1ерметдешнийн а чаккхенгахь долчу- г-на хьалха –и-йаздо.

Масала:
диканиг, воккханиг, жиманиг,
шолг1аниг, ворх1алг1аниг, сайниг, вайниг.

Слайд #7

5.Хандешах схьадевллачу  дешнашкахь  доца  
шеконан  мукъанаш йаздар хандешан ораман а, лардан а кеп ларйеш хила деза.
Масала:
оху+на-охуна, тоьгу+на-тоьгуна, хутту+рг-хуттург,
йочу+на-йочуна, могуш+алла-могушалла.

Йукъардериг: диллана(саццаза, даима).

Слайд #8

1усамас, чехка шен г1овтал т1е а йуьйх..на,1уьйран ламаз а дина,ша ара а ваьлла, шайн ханнийн божалара  шен 1аьржа лекха дин ара а оз..йна, цунна гатанан т1оьрм..га  чохь  х1оъ а оьлл..на, нуьйр тилл..ра.
Бикату, шен 1усамех б1аьрг кхетча, Арсанакъинаца хаз..йта, меллаша йистх..лира.
И олх..з..р  ца  декаш ши к1ира далале а, даьлча а цу  стага  дехха  дехнера  цуьнга, декахьара, бохуш.
Д1айазйе, доца шеконан  мукъанаш сиз хьокхуш, билгал а дохуш, т1адамийн метта дог1у элпаш а дохкуш.
Нийса  т1едиллар иштта  хир ду: 
1усамас, чехка шен г1овтал т1е а йуьйхина, 1уьйран ламаз а дина,ша ара а ваьлла, шайн ханнийн божалара шен 1аьржа лекха дин ара а озийна, цунна  гатанан т1оьрмиган чохь х1оъ а оьллина, нуьйр тиллира.    
Бикату, шен 1усамех б1аьрг кхетча, Арсанакъина  ца  хазийта, меллаша   йистхилира.
И олхазар  ца  декаш ши к1ира далале а, даьлча а цу  стага  дехха  дехнера   цуьнга, декахьара, бохуш.

Слайд #9

Шеконан мукъа аьзнаш долчу дешнашна буха сиз а хьокхуш, схьайазйе предложенеш.
1.Не1арна дог1а тоьхна. 2.Арахь дог1а дог1у. 3.Дас к1антана доьхка ийцира. 4.К1анта доьхка йукъах доьхку. 5.Корехь г1ийла чиркх богу. 6. Нанас йоккха хорбаз йийцира. 7.Залинас нохчийн меттан урокехь даима «пхиъ» доккху. 8.Хадишт шен йише Малике дика хьожу. 9.Марета деанчу зезагийн хьожа хаза йу. 10.Ахьмад д1алечкъа, Мохьмада и лоху.

Слайд #10

1.Стенах олу фонетика?
2.Доца шеконан мукъа аьзнаш хандешнашкахь муха
йаздо?
Ц1ахь:
Параграф 15-г1а
Кхочушдо шардар 37- 38-г1а.

Урокан жам1 дар.