Урокан тема:
Читать

Урокан тема: "Дошкхолладаларх, орфографех кхетам балар"

Cкачать презентацию: Урокан тема: "Дошкхолладаларх, орфографех кхетам балар"

    Ничего не найдено.
Click here to cancel reply.

Презентация по слайдам:


Слайд #1

Слайд #2

Слайд #3

Урокан ц1е :
«Дошкхолладаларх, орфографех кхетам балар. Дешнийн хийцадаларан а, кхолладаларан а некъаш».

Слайд #4

Кхеторан 1алашо : Хаа деза дошкхолладаларан некъаш. Дошкхолладаларан а, хийцадаларан а юкъара башхаллаш. Орфографех кхетам балар. Дешан юкъара морфема схьакъасто хаар.
Кхиоран 1алашо : Дешархойн хаарш к1аргдар, шордар.
Кхетош – кхиоран 1алашо : Нохчийн матте болу безам кхиор.
Х1оттош долчун хьесап (1алашонаш).

Слайд #5

Орфографи (грекийн дош)
«орфо»- нийса «граф» - яздо
(нийса яздар боху маь1на ду цуьнан)
 Муьлхха дош нийса ала а, нийса яздан а деза.

Слайд #6

Дешнийн нийсаяздаран бакъонаш 1амош долчу меттан 1илманан декъах орфографи олу.

Слайд #7


Морфема
5
– уггар дешан жима а, мехала а дакъа ду.
Морфемаш еа кепара хуьлу:

дешхьалхе, орам, суффикс, чаккхе.

Слайд #8

Морфема – наименьшая значимая часть слова.
Приставка, корень, суффикс, окончание – это морфемы
(части слов).
Каждое слово из них имеет своё смысловое значение.

Слайд #9

Дешан х1оттам 1амочу меттан 1илманах морфемика олу

Слайд #10

Дешан х1оттам а кхолладаларан некъаш 1амочу меттан 1илманан декъах дошкхолладалар олу.

Масала: хьеха, хьехар, хьехархо, д1ахьехар.

Х1ара дешнаш кхолладелла хьеха бохучу дашна т1е суффикс р, хо, дешхьалхе д1а кхетарца.
Кху дешнийн лексически маь1на тайп- тайпана ду. Х1ора дош шен маь1на долуш ду, церан кхолладалар ду суффиксийн, дешхьалхенийн г1оьнца

Слайд #11

Ткъа вайна ма хаъара дешхьалхе , суффикс керла дош кхолладаларан г1ирс бу. Уьш дешан дакъош хиларе терра дешнашца цхьаьна яздо.

Слайд #12

Ц1. мила? хьехархо
Дл. хьенан ? хьехархочун
Л. хьанна ? хьехархочунна
Др. хьан? хьехархочо
К. хьаьнца? хьехархочуьнца
Х. хьанах ? хьехархочух
М. хьаьнга? хьехархочуьнга
Дс хьанал? хьехархочул

Слайд #13

Предложенехь дешнашна юккъе уьйр а тосуш, дешан хийцалучу декъах, чаккхе олу.

Слайд #14

Окончание - значимая часть слова, которая образует формы слова. Окончание служит для связи слов в словосочетании и предложении.
Среди окончании может быть нулевое окончание ,то есть такое, которое звуками не выражено.

Слайд #15

Дошхийцадалар – кхолладелла ши орам вовшахкхетарца
дош + хийцадалар - кхуьнан лексически маь1на - дешан грамматически хийцадалар, шен маь1на а ца хуьйцуш.
 
Масала: денана, денене, дененах, дененаца ( иштта кхин д1а а).

Слайд #16

Диэкъа ца лучу, шайн лексически маь1ница гергара долчу дешнийн юкъарчу декъах орам олу.
Масала: лам, ламанхо, ламаро, ламанца

Слайд #17

Корень – главная значимая часть слова, в которой заключено общее лексическое значение всех однокоренных слов.

Слайд #18

Орамна т1ехьа а лаьтташ, цунна керла маь1на луш долчу лардан декъах суффикс олу.
Масала:
Тола- тола+м
Ваша - воша + лла,
Шела – шела+хо

Слайд #19

Орамна хьалха а лаьтташ , дашна керла маь1на лучу лардан декъах дешхьалхе олу.
Масала: д1алатийра, т1евог1уш, д1аяхана, д1айийшира.

Слайд #20

 
Хаттар
Дешан лексически маь1на муха хийцаделла дешдакъа т1етоьхча? (керла дешнаш кхоьллина).
 
Муьлха ц1е тилла мегар дара оцу дешан декъана:

Слайд #21

а) дош д1адолориг
б) дешан маь1на хуьйцург
в) дешхьалхе

Слайд #22

Приставка – значимая часть слова, которая служит для образования слов.
 

Слайд #23

Чаккхе д1аяьккхича буха дисинчу декъах лард олу.
Масала: х1ордан – ан чаккхе д1аяккхича буха дисина дакъа х1орд иза лард хуьлу.

(Оьрсийн маттахь цунах основа олу)
Основа – это часть изменяемого слова без окончания.
Например: грузовой - грузового (основа - грузов)

Слайд #24

Нохчийн маттахь дош кхолларан масех некъ бу. Царах коьртаниг – морфологически.
Дешхьалхенан г1оьнца: ваха- чуваха,лаца- схьалаца.
Суффиксан г1оьнца: хе-хо, тола – м, аьрга – лла.
Дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнца: д1а- хьаж – ар, ар- вал- ар.
Чолхе дешнаш кхолладаларца: х1оъ- докъар, текх – цаца.
Дешнийн лардаш яцъяран некъ: стунда, НР- Нохчийн Республика

Слайд #25

Х1ор дош дешан х1оттаме декъа.

Дешнаш Дешхьалхе орам чаккхе

Схьавог1у
Д1авоьду
Къоламца
Араволу
Схьакхечи
Юхавала
Доттаг1чуьнца

Слайд #26

Х1окху суффиксийн г1оьнца АРА, ХО, ЛЛА, ЧА дешнаш кхолла.
Г1ала + ? –
Шела + ? –
Дика + ? –
Хаза + ? –
Соьлжа + ? -
Лам + ? –

Слайд #27

3.Х1окху дешнашкахь хийца ца лун дакъа билгалде, к1ел сиз а хьокхуш.

Вошалла, гуьйренан, веданхо, зурманча, хьехархо, ламаро, уллерниг, вахархо, г1ожаца, 1илманхо, лулахочуьнга, дийцархо, вотанча, г1иллакхца..
 

Слайд #28


Муха кхолладелла ду х1ара дешнаш?


1.Де+ваша, де+нана, жа+1у, х1у+ тосург
2.Белхало, тешам, ахархо
3.Д1ач1аг1а, т1екхача, схьавола
 

Слайд #29

 
Дешнаш лард чаккхе
Шура
Пенах
Стигал
Т1едиллар: Дешан лард а, чаккхе къастае.

Слайд #30

Кхеторан диктант.
Цхьана дийнахь цирке дахара бераш. Ч1ог1а самукъане дара цигахь. Т1ахъаьлла кхийсалора пелхьонаш. Цхьаъ шен доттаг1чуьнца х1аваэхь хьийзара. Кара1амийна акхарой а дара(яра) циркехь. Цара велосипедаш хоьхкура. Буьрканца а левзира уьш. Чаца гучувелира цхьа артист. Адамо санна, шега д1ааьлларг дора чано. Охьатохарх а летара ча.

Слайд #31

Т1едиллар.
Масех дешан карае лард а, чаккхе а, орам а, дешхьалхе а.
Караде грамматически форма хийцаяларан масалш.

Слайд #32

Легаде : йиша, зезаг, хьархо.

Слайд #33

Лахахь далийначу дешнашца гергара дешнаш лаха. Д1аязде уьш.


Т1ам, ворда, аьллера, ведда, вог1у, йиттира, летира, къийсам, стигал, Даймохк, мотт, дуьйцу.

Слайд #34

Орам а чаккхе а билгалйоккхуш, д1аязде дешнаш.


Дешархочунна, хьархочо, доттаг1чуьнга, яздархочух, трактористаца, къинхьегамхочун, некъахочух, таллархочул, олхазар, махкахочо, комбайнерашца.

Слайд #35

Д1аязде дешнаш. Лардан буха сиз хьакха.


Доттаг1алла, б1аьстенан, шелахочо, пондарчас, дийцархо, гергарниг, гергарчуьнца, къинхьегамхочух, яздархочун, дехьавалар, т1емалочунна,
сийлаллица, совг1аташца.

Слайд #36

Лахахь далийначу дешнех керла дешнаш кхолла: цкъа хьалха – дешхьалхенан г1оьнца, т1аккха- суффикс т1етохарца, т1аккха – цу шиннан а г1оьнца.


Хьажа, таса, кхосса, ала, товжар, олла, кхалла, лата, язде, дийца, вола, талла, деша, йотта.

Слайд #37

Х1ара дешнаш кхаа декъе декъа:
Орам, суффикс ерш
Дешхьалхе, орам берш
Дешхьалхе, орам, суффикс ерш
 
 
Т1ейотта, стогалла, ламаро, д1ахеца, охьахаа, чутатта, хьолахо, хийцам, ахархо, охьавуьжу,сацам, сонталла, д1адийцар, чулацам, набарха, д1аоллар,текхарг,зурманча, болам, т1екхосса, т1ехтохам, д1адийцар, т1екхосса, д1авада, стиглара, схьаала.

Слайд #38

Талламан болх.
Схьалаха 3-г1а совнаха дерг.
 
1. Малар, молу, молха
2. Ц1а, ц1аьлг, ц1азам
3. Чам, чаьмаза, чимаш
4. Ха,хехо, хелиг
5. Хи,хича, хица
6. Дохк, доьхка,дахкаран

Слайд #39

Х1ун ду х1окху дешнийн юкъара дерг?
 
Даймохк - мохк – махкахо
Болх – белхало – белхахо
 

Слайд #40

Хаттарш.
Нохчийн меттан муьлха раздел ю вай къастош ерг?
Стенах олу орфографи?
Стенах олу морфема?
Мас кепара ю морфемаш? (дешхьалхе, орам, суффикс, чаккхе)
Стенах олу дошкхолладалар?
Стенах олу дошхийцадалар?

Слайд #41

Рефлекси.

Со дикка кхетта!
Со х1орд - кеманца хааршна т1аьхьа вер ву (ер ю)!

Слайд #42

Ас кхин а хаарш шордеш къахьоьгур ду!

Слайд #43

Баркалла!
Аш тахана дика
болх бира!