Презентация
Читать

Презентация "6 кл. чеч. яз"

Cкачать презентацию: Презентация "6 кл. чеч. яз"

Вставить эту публикацию

Вставить код

    Ничего не найдено.
Click here to cancel reply.

Презентация по слайдам:


Слайд #1

Хьехарсахьтан ц1е:
Терахьдешнийн нийсайаздар.

Слайд #2

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: масаллин терахьдешнаш рог1аллийнчаьрга доьрзуш, церан орамера мукъа аьзнаш хийцалой хаар, хаа деза, дефисца йаздеш дерш муьлха терахьдешнаш ду;
кхетам - кхиоран: ненан матте болу безам к1аргбар.







Слайд #3

Догдаийтаран мур.
Х1етал - металш:
1. Дуьнен т1ехь уггаре а чехканиг?
2. Малх санна къега, лаьхьа санна шерша?
3. Болатал ч1ог1аниг?

Слайд #4

Нийса дуй талла.
Х1етал – металш:
Ойла.
Мангал.
Лаам.

Лаам – воля, желание

Слайд #5

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
Ц1ера болх таллар.
Шина дешархочуьнга легадойту ц1ахь кхочушдинчу
шардар т1ера терахьдешнаш.
2. Бакъо № 23 т1ера хаттаршна жоьпаш ло дешархоша.



Слайд #6

Орфографически пхи минот.
Дешнийн диктант.
Ворх1е а бер, ши – кхо к1ант, ворх1 б1е,
диъ – диъ сом, ворх1алг1а де, йалх ц1а,
уьссалг1аниг, дезткъа, ши эзар, цхьа – ши
котам, диъ – пхоьалг1аниг, пхийтте а,
йалх – ворх1алг1а, шиъ – доьалг1а,
исс – исс.




Слайд #7

Керла коьчал хьехар.
1. Хьехархочо хьалхе кечйина х1ара кеп:
Масаллин терахьдешнаш рог1алинчаьрга доьрзуш, церан
орамера аьзнаш (элпаш) хийцало кхузахь ма – гайтара:
а/я/о ткъа – ткъолга – ткъолг1аниг
а/о б1е – б1олг1а – б1олг1аниг
и/уь исс – уьссалг1а – уьссалг1аниг
ий/уьй шиъ – шолг1а – шолг1аниг
и/оь диъ – доьалг1а – доьалг1аниг
е /оь дезткъа – доьзткъалг1а – доьзткъалг1аниг
Оцу кепара терахьдешнийн орамера аьзнаш хийцадалар
дагахь 1амо деза.
2. Чолхе декъаран терахьдешнаш а дефисца йаздийр дарий аша?
- Исс – исс 1аж, диъ – диъ кор боху чолхе декъаран терахьдешнаш
легаде.

Слайд #8

Сада1аран минот.

Йаздеш, доьшуш г1елделча,
Айдеш куьйгаш ластадо.
Хьалаг1овтту, д1асахьовсу,
Делалой тхо охьаховшу.

Слайд #9

1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушдо шардар № 120.
Легаде терахьдешнаш: пхийтта, йоьалг1а класс,
пхоьалг1а ц1а.
Д1айазде терахьдешнаш дешнашца: 17, 18, 22, 30,
38, 40, 60, 80, 90.


Слайд #10

1амийнарг кардадаккхар.
1. Предложенех текст вовшахтасар.
Бераш школера дог1уш дара.
Нанас Ширвани хастийра.
Ч1ог1а дог1а деанера.
Ширванис 1омана т1е у диллира.
Ц1ийна уллохь боккха 1ам бара.
Бераш чекхдевлира.
Ширванина хиира берашна дехьадовла хала дуйла.

2. - Синтаксически талла предложенеш.

Слайд #11

Дешархошка шайга болх байтар.
Кхочушдо шардар № 121.
Кхочушдо шардар № 122.
Цхьа – ши стаг, пхи – йалх йурт боху дешнийн
цхьаьнакхетарш йукъа а далош, предложенеш х1иттайе.


Слайд #12

Жам1 дар:
Х1ун керланиг хиира
шуна урокехь?
Муха йаздо рог1аллин
терахьдешнаш?


Слайд #13

Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

Слайд #14

Ц1ахь бан болх.
1. 1амайе бакъо № 24.
2. Кхочушде шардар № 123.

Слайд #15

Баркалла шуна,
сан хьоме бераш!!!