Кибиев Мусбек "Дош" презентация
Cкачать презентацию: Кибиев Мусбек "Дош" презентация
Презентация по слайдам:
Слайд #1
Кхолламан беттан
29-г1а де.
Кибиев Мохьмадан Мусбек
«Дош».

Слайд #2
Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан гIуллакхийн тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина хилла. Цхьана муьрехь Веданан райисполкоман председатель а лаьттина иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь дукхаха йолу хан Киргизехь йаьккхина КибиевгIеран доьзало, Фрунзе гIалина гена йоцчу Кара-Балты юьртахь Iийна уьш. Мусбекан да Мохьмад ша йоза-дешаран маьIна хууш хиларе терра, кIанте дешийта гIиртина. Амма нохчийн къомана тIехь лаьттинчу бохамаша оцу хенахьлерчу кегийрхойн дешарехь а, дахарехь а аьттонаш кхуллуш ца хилла. Аьттонаш кхуллуш ца хилла аьлча-м, дукха дайн хуьлу иза, массо агIора аьттонаш бохийна хилла-кх. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенех йу 1958 шеран 30 апрелехь «Ленинан некъ» газетехь арайаьлла «Лаьттан седа» цIе йолу стихотворени. ХIетахь дуьйна хаддаза арайуьйлу цуьнан поэтически произведенеш газетийн, журналийн, йукъарчу гуларийн агIонаш тIехь.

Слайд #3

Слайд #4
Дишни-Ведана

Слайд #5
Йуккъера школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа, 1961 шарахь Кибиев Мусбек деша воьду Москва, М. Горькийн цIарах йолчу литературни институте. Оцу институте кхоллараллин похIма дерг, исбаьхьаллин литературехь шен таронаш гайтинарг бен дIа ца оьцу. Кибиев Мусбек институте дIа а эцна, цо иза Iаламат дика доьшуш чекх а йаьккхина.

Слайд #6
Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арайийлина поэтан керла книгаш:«Денойн чам» (1969), «Шийла цIерш» (1975),«Лаьттан куьзга» (1984),«Беттан догIа» (1985),«Седарчийн чIара» (1988),«Хьекъалан бохь» (1992), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь араяьлла «Вершина разума» (1993). Москвахь 1995 шарахь зорбатоьхна «Лунный дождь» цIе йолу книга

Слайд #7
«Денойн чам» (1969)
«Шийла цIерш» (1975)

Слайд #8
«Лаьттан куьзга» (1984)
«Наьрташ» (1964)

Слайд #9
«Хьекъалан бохь» (1992)
«Хаьржинарш» (2012)

Слайд #10
ЦIарал довха — дош ду,
Шал а шийла — дош ду,
Дош доцург — дош дац.
Мазал мерза дош ду —
Дашал доккха дIовш дац.
Доьдий, дашо
Стаг во дашо,
Доьдий, тIаккха
Маьттазвоккху.
Дашо шерачу цу арахь
Дато гIала хIоттайо,
Дашо – гIала хIоттайо,
ГIалахь гIарол хIоттаво...
Дашо декхна долчу дийнахь
Йочане и буьйса гойту,
Цунах лаьцна ойла йойту,
Мох лоьтуьйтуш корех цIийнан,
Дорце гIийла узарш дойту.
Дашо стагах безам боккху.
Дашо стаг стаг воцчу воккху.
Дов дерзадо цо, дов доккху
Я хьагI юьллу, хьагI дIайоккху.
Кийра цIе цо латайо,
Кийрахь ша цо хIоттабо.
Дагчохь безам гIаттабо.
Безаман цIе йойу цо.
Я юьхьIаьржахIиттаво,
Я юьхькIайчухIоттаво.
Массанхьа а кхочу дош,
Шеца стеган ойла хьош,
Бойнарг нисбеш, я букъ бош
Дашо – хазво.
Дашо – вазво.
Сий цо ойу.
Сий цо дойу.
Бекх дIабоккху,
Мел и боккха
Хиларх, тIера,
Дашо войу,
Лар а йойуш,
ДуьнентIера.
ЦIарал довха – дош ду,
Шал а шийла – дош ду,
Дош допург — дош дац,
Дашал доккха дIовш дац,
Мазал мерза — дош ду.

Слайд #11
ЦIарал довха — дош ду,
Шал а шийла — дош ду,
Дош доцург — дош дац.
Мазал мерза дош ду —
Дашал доккха дIовш дац.
Мерзачу дашо дог хьастахь а, къаьхьа дош ма аьллехь хьан синах хьаьрча халхетар, сингаттам - "дIовш" ду боху цо, хьалхара могIанашкахь. Иштта дусту цо дош цIеран йовхонца а, шанан шелонца а, хIунда аьлча дош ду и хьо вохван а, шелван а йиш йолуш, ницкъ болуш.

Слайд #12
Доьдий, дашо
Стаг во дашо,
Доьдий, тIаккха
Маьттазвоккху.
Кхи дIа боху авторо адаман дарж мел хьала даккха йиш йу цхьа дош бахьанехь. "Дашо" во, нахана гергахь сийлахь во стаг, амма и "дашо" варе терра, цуьнан цIе йожош и "маьттазвоккху" дашо.

Слайд #13
Дашо шерачу цу арахь
Дато гIала хIоттайо,
Дашо – гIала хIоттайо,
ГIалахь гIарол хIоттаво...
Дашо декхна долчу дийнахь
Йочане и буьйса гойту,
Цунах лаьцна ойла йойту,
Мох лоьтуьйтуш корех цIийнан,
Дорце гIийла узарш дойту.
Иштта авторан ойланашна тIаьхьа вай дахча цо вайна гойту дашо а, дато а гIаланаш, уьш ларйеш лаьтта гIарол а, йочане буьйса, гIийла узарш де дарц а. И сурт вайна хьалха хIоттош дерг а дош Ду боху цо. Вайга ойла йойтуш, вайн ойланаш гена пана махка дIайуьгуш.

Слайд #14
Дашо стагах безам боккху.
Дашо стаг стаг воцчу воккху.
Дов дерзадо цо, дов доккху
Я хьагI юьллу, хьагI дIайоккху.
Хийла йу вайна меттигаш дош бахьанехь дов долуш, адаман сихалло и дов марса доккхе, цу девнах хийла гIелонаш хуьлуш а, амма хазачу дашо ма сиха дерзадо-кх мел доккха дов а.

Слайд #15
Массанхьа а кхочу дош,
Шеца стеган ойла хьош,
Бойнарг нисбеш, я букъ бош
Дашо – хазво.
Дашо – вазво.
Сий цо ойу.
Сий цо дойу.
"Массанхьа а кхочу дош..." – иштта дан а ду иза, дош ца кхочуш дахаран цхьа а маьIиг йац, йа и ца хилча вайн йиш а йац. Дукха хIума Ду дашо шеца лелош хьагI йа безам, йуьхьIаьржо йа йуьхькIам иштта кхин дIа а. Сий ду адаман гергахь уггар а дезаниг. "Сий цо ойу. Сий цо дойу." – бах Кибиев Мусбека. Сий мел деза делахь а, дашо и сий а дожо йиш йу боху цо.

Слайд #16
Бехк дIабоккху,
Мел и боккха
Хиларх, тIера,
Дашо войу,
Лар а йойуш,
ДуьнентIера.
"Бехк дIабоккху" дашо, "мел и боккха хиларх" – эрна дац-кхи вайн стаг витийта дехар дан воьдуш хьалхавоккхург хаза вистхила хууш, хьекъале дош олуш верг хилар, хIунда аьлча, нийса дешнаш лехча, муьлха а стаг ма волу къинтIера.

Слайд #17
Дешнаш тӀехь болх:
ГIарол – караул, сторожевая охрана;
ХьагI – неприязнь;
Лар – след.

Слайд #18
Стихотворении йуьхьехь балийна пхи могIа цуьнан чаккхенехь а балийна авторо, цуьнан хIун маьIна ду?
Мазал мерза дош ду —
Дашал доккха дIовш дац.
Дашал доккха дIовш дац,
Мазал мерза — дош ду.

Слайд #19
«Хазчу дашо лам башийна»
«Шина балдех арадаллалц хьан лай ду дош, арадели- хьо цуьнан лай ву»
«Тоьпо цхьаьъ бен ца вийна, матто эзар вийна»
«Стеган дахар матто цхьадуьйцу»

Слайд #20
!
Ладог1арна Дела реза хуьлда!

Слайд #21
