Презентация по чеченской литературе на тему
Читать

Презентация по чеченской литературе на тему "Саид Бадевн дахаран некъ"

Cкачать презентацию: Презентация по чеченской литературе на тему "Саид Бадевн дахаран некъ"

    Ничего не найдено.
Click here to cancel reply.

Презентация по слайдам:


Слайд #1

Хьехарсахьтан ц1е:
Саид Бадуев «Лам».







Слайд #2

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: Бадуев Саь1идан дахар а, кхолларалла а
йовзийтар, Бадуев Саь1ид – нохчийн исбаьхьаллин
литературан бухбиллархо хилар дийцар а, хаийтар а,
«Лам» байтан чулацам бовзийтар;
кхетам – кхиоран: нохчийн йаздархошка
болу безам к1аргбар.

Слайд #3

Догдаийтаран мур.
Ира дешнаш:
Жимчохь дуьненах кхета хьажа,
воккхало кхетийча
ваха т1аьхьавуьсу.

Дег1ан лаамашна дуьрста таса,
дикчу г1иллакхна некъ лаха.

Слайд #4

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг хотту.
- Муьлхачу заманахь хилла г1уллакхаш ду повестехь дуьйцурш?
- Муьлхачу социальни тобанашна йуккъехь д1абоьду къийсам?
- Хонмурд а, цуьнан доьзал а муьлхачу социальни тобанан нах бу?
Муха ду церан 1ер – дахар?
- Х1ун нах бу Куулдевиччий, Мирзий, царна т1аьхьабозуршший?
- Муха къуьйсу къинхьегамхоша шайн парг1ато, стенах гучудолу
иза?
- Бано а, Залуба а шайца адамалла йолуш, оьзда ши стаг хилар
муха билгалдолу?
- Кулдевичан а, Мирзин а йамартлоно х1ун бохам бохьу
Хонмурдан доьзало?
2. Синквейн «Йаздархо» йо.

Слайд #5

Бадуев Саь1ид Сулейманович
(1904 – 1943)

Слайд #6

Керла коьчал йовзийтар.
1. Бадуев Саьид – Салихь Сулейманович – нохчийн исбаьхьаллин бухбиллархо. Иза вина 1903 –чу шеран 28 августехь Соьлжа – Г1алахь. Йаздархочун да Бадуев Сулейман Хьалха – Мартант1ера
схьабевллачу совдегарх вара. Оьрсийн – японийн т1амехь (1904 – 1905 шш.)
дакъалоцуш хилла иза. Нана Укаева Зайбат Йоккхачу Атаг1ара йара.
К1ентан бералла д1айахна Соьлжа – Г1алахь а, Хьалха – Мартант1ехь а.
Дукха гергара нах бара Бадуевг1еран Хьалха – Мартант1ехь. Шен дехой
болчу Хьалха – Мартант1е, ненахой бехачу Йоккхачу Атаг1а кест – кестта
вог1уш а, йеххачу хенахь 1аш а хиллачу к1анта хазахеташ ладийг1ина
йуьртахоша исбаьхьа олучу иллешка, дуьйцучу туьйранашка, ширачу
хабаршка, мехкарийн эшаршка. Халкъан исбаьхьаллин дешан марзо беран
хенахь йевзина цунна, барта кхолларалла гутаренна йезайелла.

Слайд #7

2. Соьлжа – Г1аларчу реальни училище деша д1авелира Саь1ид –Салихь
дас. Ойла т1ейаххийтина, лерина доьшуш, шен накъосташна йуккъехь к1еда – мерза волуш а, дешаршна т1ера хиларца а билгалвелира иза.
Къаьсттина дукхайезара цунна исбаьхьаллин литература. Т1евирзина
1амайора цо оьрсийн классически литература. Хинволчу йаздархочунна
1аламат пайдехьа дара сийлахь – йоккха оьрсийн литература, культура
йовзар.
Ц1аьххьана бохам беара Бадуевг1еран доьзале. Оьрсийн – японийн т1амехь йина чевнаш йухаметтахйевлла, 1914 – чу шарахь Петроградехь кхелхира доьзалан да Сулейман. Хьалха – Мартант1ехь д1авоьллира иза. Ворх1 бераца йисира нана. Хала дара байлахь бисначу доьзална. Соьлжа –Г1аларчу реальни училищехь а дешар мехах дара. Шен хеннахь мах д1абалаза бисча, дешарх йукъахвоккхура. Иштта дешаран шо чекхдала цхьа бутт биснера хинволу йаздархо реальни училищера д1авоккхуш.

Слайд #8

3. Саь1ид – Салихь шайн доьзалехь баккхийчарах вара , цунна т1ехь дара кегийчеран терго йар. Иза балха вахара.
1922 – чу шарахь Владикавказехь кооперативни курсаш чекхйехира цо. цул т1аьхьа цхьана муьрехь товароведан болх бира. Саь1идан ойла кхечанхьа г1ертара. Шен халкъ серлонга доккхучу балха т1ехь дакъалацар дара цунна лууш дерг. Шен 1алашо кхочушйархьама, хьехархойн курсашка деша вахара иза. Уьш чекх а йаьхна, хьехархочун болх бира цо.
Хьехархочун болх беш волуш цо лерина 1амийра халкъан барта кхолларалла, д1айаздира иллеш, эшарш, забаре хабарш.
1920 – чу шераш йуккъе даханчу хенахь йазйира цо шен дуьххьарлера произведенеш. 1925 – 1926 шерашкахь «Серло» газета т1ехь зорбатухуш арайийлира цуьнан байташ а, кегийра дийцарш а.

Слайд #9

4. 1аламат сиха кхиира йаздархочун кхоллараллин корматалла. 1920 – г1а шераш йуккъе даханчул т1аьхьа йаздан волавеллачу Бадуевс 1928 1929 шерашкахь йазйира идейни чулацамца а, исбаьхьаллин говзаллица а кхиъна а йолуш, шен тоьллачарах йолу произведенеш («Ц1еран арц», «Бешто»). Йаздархочун дуьххьарлерачу произведенех йу цуьнан «Мацалла» повесть.
1920 – г1а шераш чекхдовлуш цо йазйина «1имран», «Г1у» дийцарш а, «Марг1ала синтар» стихотворени а.
1930 – чу шарахь зорбанера арайаьлла «Пет1амат» роман а, кхийолу произведенеш а.
Бадуев Саь1ида масех произведени йазйина, «1адаташ» аьлла ц1е а тиллина. Уьш зорбане арайевлла 1930 – чу шарахь.

Слайд #10

5. 30 – г1а шераш дуьйлалучу муьрехь Бадуев Саь1ила йуххера уьйр
латтийна кхоллалуш йолчу Нохчийн драматически театраца. Коьрта долчу декъана, къоман театран репертуар Бадуевн произведенех лаьтташ хилла. Бадуевс йазйинчу пьесийн ц1ерш х1орш йу: «Дайн 1едал», «Гуттар ца хуьлу моллина мовлид», «Марха досту де», «Большевикийн хьалхара б1аьсте», «Политотдел», «Ламанаш хийцало», «Дашо 1ам», «Ца1ебина зудайалор», «Ц1ен г1ап», кхийерш а. Йаздархочун кхийолу произведенеш санна, шуьйра тематика йолуш йу цуьнан драматурги а.
Йуьртбахам керлачу т1ег1ане баккхарехьа ахархоша латтийна къийсам
гойту драматурго шен пьесашкахь.
Къоначу театран балха т1ехь жигара дакъа лаьцна ца 1аш, ша гоьваьлла
драматург хиларе терра, къоман театран куьйгалхо хилла Саь1ид Бадуев.
1938 – чу шеран йуьххьехь, шен кхолларалло зазадаккхаран муьрехь,
бехк – гуьнахь доцуш лоцу йаздархо, оццу шеран 14 – чу февралехь лаьцначохь кхалхар а хуьлу цуьнан.

Слайд #11

«Лам» байт т1ехь болх бар.
1. Хьехархочун дош:
Шех схьадолучу маь1ница тахана а мехала йу «Лам» ц1е
йолу байт. 1аламан исбаьхьаллех лабцна йу и байт, амма
1аламан исбаьхьалла гайтина ца 1а поэт, 1алам лардан
дезаш хилар ч1аг1до байта т1ехь. Дукха ни1маташ
долуш, хазнех дуьзна, исбаьхьа ду 1алам, амма цуьнан
исбаьхьалла экама йу, иза кхоьру, къаьхка, шаьш говза
ду, шаьш говза ду, шаьш 1алам тодийр ду, алссам
пайдехьа хуьлчу кепара хуьйцура ду аьлла, адамаш
тохаделча, ламано:
Говзаллех ша кхоьруш,
Гонахара г1о доьху.

Слайд #12

2. 1аламехь дерриг а дика ду, ша хила ма – деззара ду, хийцина
тода дезаш х1умма а дац. 1аламе ца лало шена т1екхийдар,
хийцамаш бан г1ертар. 1аламера ни1маташ иза талха ца деш,
цунна зе ца деш схьаэца деза. Керлачу говзаллица 1алам
хуьйцуш, цунах пайдаоьцур бу аьлла, «говзанча, карахь лом
ловзош» араваьлча, цунна дуьхьал довлу дерриге 1аламаташ:
шовданаш, хьаннаш, акхарой, сийна стигланаш, мархаш, дог1а,
йуькъа хотеш. Амма х1етте а, ойла а йина, собаре а хилла, йуха
йала дагахь йац «керла говзалла». Майра йу иза 1аламца. Иза
тешна йу шен хаарех, шен ницкъах. Шен таронаш хета цунна
1алам карадерзо, иза ломах а тасало.



Слайд #13

3. …керлачу говзалло
Собар ца до,
Керла говзалла
Цу кхерамех ца кхоьру,
Вайн говзалла
Цунах тасайала йу т1ера!
«Керлачу говзаллица» 1алам карадерзадо бохуш, «вайн говза
говзалла цунах тасайелча», гонахарчу 1аламна зе деш хилар
цунна бохам бахьаш хилар гучудолу байта т1ехь.
Оцу байтана дуьххьара зорбатоьхначу хенахь, д1адахнчу
б1ешеран 30 – чу шерашкахь, цуьнан маь1на мухха деш хиллехь
а, башха исбаьхьаллица кхелина иза йацахь а, тахана къеггина
гуш ду Бадуев Саь1идан «Лам» байт 1аламна зе цадаран, иза
лардаран, 1алашдан дезаран ойла йойтуш хилар.

Слайд #14

Хьехархочо д1айоьшу байт «Лам».
Хил дехьа хьаннашкахь Лурбоьлла х1оьтти лам
Олхазарш дека, Шена гонахарчу уьйрашца,
Цу ламанан хотешкахь Говзанча, карахь лом
Акхарой уг1у. Ловзош, дуьхьалх1отторца.
Хьаннел дехьа лаьмнашкахь Гонахарчу шийлачу шовданаша
И акхарой тийжа, Т1епаза дан т1елеци,
Цу ламан ю бердашкахь Цу йуькъачу хьаннаша
Майра леча ц1ийза. Акхарой лехка магий.
Ламано шен кийрахь Сийначу стигланаша
И хазнаш 1уьйшу, Мархашка кхайкхар тоди.
Ша буьзна хазнех Йуькъачу мархаша
Стигалан 1аьршашка хьоьжу. Дог1а делхор ч1аг1ди.

Слайд #15

К1оргачу 1аннаша
Дохк кхаба дош дели.
Йуькъачу хотеша,
Лаьхьий ц1ийзор шаьш, эли.
Массо а аг1ор г1о
Лекачу ламана до.
Керла говзалла
Цу кхерамех ца кхоьру,
Вайн говза говзалла
Цунах тасайала йу т1ера.




Слайд #16

1амийнарг т1еч1аг1дар.
Хаттарш:
Муха хийти шуна х1ара байт?
Ломан сурт муха х1оттийна авторо?
«Керла говзалла ломах тасайала йу т1ера»
бохучух муха кхета шу, дийца.
Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан
г1ирсех пайда эцна авторо шен байтехь?
Схьалаха уьш.

Слайд #17

Слайд #18

Слайд #19

Урокан жам1 дар.
1. Муьлха произведени 1амийна вай тахана?
2. Муха хийти шуна байт?
3. Йалайе 1алам бохучу дашна синквейн.

Слайд #20

Синквейн.
1алам.
Хаза, тамашийна.
1алашдо, самукъадоккху, оьшу.
1алам - Дала вайна делла ни1мат.
Дахар.

Слайд #21

Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

Слайд #22

Ц1ахь кхочушдан дезарг.
1. 1амайо Саь1ид Бадуевн кхолларалла.
2. «Лам» байт дагахь 1амо.

Слайд #23

Массарна а даггара баркалла!!!