Презентация по чеченскому языку на тему "Ц1ердош" (5 класс)
Cкачать презентацию: Презентация по чеченскому языку на тему "Ц1ердош" (5 класс)
Презентация по слайдам:
Слайд #1
Урокан ц1е:
Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.

Слайд #2
Технологически карта
Класс: 5 « Б»
Терахь: 23.04.14.
Предмет: нохчийн мотт.
Урокан ц1е: Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.
Урокан тайпа: Довзийтаран урок
Раг1: 15
Урокан кеп: Тобанашкахь болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ, слайдаш.
УМК: В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев

Слайд #3
Предметни (Кхеторан): Ц1ердешнийн суффиксех лаьцна кхетам балар.
Метопредметни (Кхиоран 1алашо): Ц1ердешнех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш, цхьаллин а, дукхаллин а терахь, ц1ердешнийн грамматически классашца, ц1ердешнийн дажарш, легор. Дешархойн хаарш к1оргдар, шордар. Берийн ойла дешаран т1еерзор.
Личностни (Кхетош - кхиоран 1алашо): Шен матте болу безам кхиор.
Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):

Слайд #4

Слайд #5
11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207
Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:
«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан
25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо».
Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров
Нохчийн Республикан Президентан
Указ

Слайд #6
Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а
дужур ду. (М. Сулаев)
Метт…. сий, вайн сий ца дайа,
Т1еман лар юьлуьйтуш хийца,
Дитина сий дайша, дедайша! (Кибиев М.)
Матт…. шера хилар дац коьртаниг, говза хила веза.
Матт… вайна 1амадо назманаш ала,1амадо биц ца бан вайн наной, дай. 1амадо бохург дан Сийлахьчу Дала… (С-М. Гелагаев).
Матт… мух-мухха а хилар (кхечу меттан дешнех иэдеш дийцар)
– мух-мухха а ойлаяр ду: билгалза, гергарчу хьесапехь.
Хьайн матт…. айпаш ца дохуш, хастам а, сий-лерам а д1алоцунна.
Шен махке болу бакъ безам, шен матт… бацахь, маь1на долуш
бац (К. Паустовский).
Нохчийн матт…. хаза а, хьалдолуш а мотт бац, нагахь кхоччуш
дика хууш хьо велахь. (Л. Толстой).
Предложенийн - дожарийн къепе х1иттаде

Слайд #7
Стенах олу ц1ердош?
Муха хуьлу ц1ердешнаш?
Ц1ердешан маса терахь ду?
Ц1ердешнийн грамматически классах лаьцна х1ун хаьа шуна?
Ц1едешнийн маса легар ду?
Ц1ердешнийн маса дожар ду?

Слайд #8
Кластер
Мотт -
Ц1ердош
Юкъара ц1е
Кхетам болуш
Цхьаллин терахь
Кхийолчу х1уманин класс
-аца
1 – ра легар
Ц1ерниг
дожар
Схьадалаза

Слайд #9
Д1аеша текст. Оьрсийн меттан дешнаш гочде, нохчийн матте дохуш.
Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш муха яздо?

Слайд #10
Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу вопросам, вуно хорошо кхеташ, сурт хIоттош, отвечал лора воккхачу стага.
Цо им дуьйцура: бук, дуб, липа, ель, береза… муьлха дечигаш ю, они мича коьчалшна мега а.
– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, птиц баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура лесник берашна…
Муха хадор дара кортош тIе зеленые генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан друзья!» -- бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа природа дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн жизнь хестош декачу олхазаршна бохам бича?..

Слайд #11
Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу хаттаршна, вуно дика кхеташ, сурт хIоттош, жоьпаш лора воккхачу стага.
Цо царна дуьйцура: поп, наж, хьегI, база, дакх… муьлха дечигаш ю, уьш мича коьчалшна мега а.
– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, олхазарийн баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура хьуьнхочо берашна…
Муха хадор дара кортош тIе баьццара генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан доттагIий!» - бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа Iаламо дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн дахар хестош декачу олхазаршна бохам бича?..
Айхьа хьайна таллам бе

Слайд #12
Дешан х1оттаман дакъош дагалаца
Дешхьалхе
Орам
Суффикс
Чаккхе

Слайд #13
Орам а, суффиксан а аг1оьнца – Куьйгаш вовшах тасарца куьйгаш хьалха даг1ийта.
Шина ораман а суффиксан аг1оьнца – куьйгаш вовшах тасарца хьаладаг1ийта.
Дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнца делахь - Куьйгаш вовшах тасарх парг1ат а дохуш охьадог1уьйту.
Физминот

Слайд #14
Дагахь хаа деза
Цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш

Слайд #15
Ц1ердешнийн суффиксаш екъала шина декъе
Дешнийн кеп хийцаран
Дош кхолларан

Слайд #16
Кеп хийцаран суффиксаш дукхахьолахь жималла гойту
Масала: сара – сараг, ц1а – ц1елиг,

Слайд #17
Дош кхолларан суффиксаша дешнашна керла маь1на ло.
Масала: зурма – зурманча, Атаг1а – атаг1хо

Слайд #18
Ч1ерийлецархо,
Хьелийозархо
Иччархо
Зурманча
Мангалхо
1амийнарг т1еч1аг1дар

Слайд #19
Аьлла…. дети делахь а, ца аьлла… деши ду.
Дика лула… веш… а тоьлла
Аьхка 1иллина….. 1ай идда.
Сиха…. – сонта, собор – кхета..
Д1адеша кицанаш
Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхка

Слайд #20
Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхка
Аьлларг дети делахь а, ца аьлларг деши ду.
Дика лулахо вешел а тоьлла
Аьхка 1иллинарг 1ай идда.
Сихалла – сонта, собор - кхетам
Айхьа хьайна таллам бе

Слайд #21
Ас тахана дика болх бира, са цхьа
г1алат дацар!
Ас тахана болх бира, амма кхин а дика
балур бу аьлла хета суна!
Суна тахана хало дара, амма ас шорта
къа хьоьгур ду!
Шаьш бинчу балхана мах хадабо суьрташца.
4
3

Слайд #22
Аш тахана дика
болх бира!
Х1отт йинарг : Махмудова Айшат Таусовна
Баркалла!

Слайд #23
«Вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, нагахь иза тухуш стаг вацахь, 1илма мел к1орга делахь а адамашна хуур дац, иза дуьйцуш а, 1амош а стаг вацахь».

Слайд #24

Слайд #25
Ас тахана дика болх бира, са цхьа
г1алат дацар!
Ас тахана болх бира, амма кхин а дика
балур бу аьлла хета суна!
Суна тахана хало дара, амма ас шорта
къа хьоьгур ду!
Шаьш бинчу балхана мах хадабо суьрташца.
4
3

Слайд #26
