Презентация к уроку чеченской литературы в 1 классе "Мукъаза къора аз,[хь]элп Хь хь"
Cкачать презентацию: Презентация к уроку чеченской литературы в 1 классе "Мукъаза къора аз,[хь]элп Хь хь"
Презентация по слайдам:
Слайд #1
Мукъаза къора аз [хь],
элп Хь хь

Слайд #2
Де беркате дог1ийла вайн!

Слайд #3
Дог1у дош ала.
Хьаьжк1ех юьзна ю тхан беш:
Воллуш ву со асар…
Дитта т1ехь ца волуш лач,
Ас схьабоккху мерза …
Тхан лулахо жима Мовла
Даа дукха дезаш ву …..
Эшарш лекха говза , хаза,
Хууш ду тхан бешахь ....

Слайд #4
Х1етал-метал хаийла шуна:
Даим юуш, цкъа ца юзуш?
Бешшехь аьчгах бина со,
Когаш, куьйгаш ца дина.
Коьрте кхаччалц аннех бетта,
Къа ца хеташ, ж1ов т1еетта.

Слайд #5
Х1ун го вайна суьрта т1ехь?
Муьлха аз хеза х1окху дешнашна хьалхахь?

Слайд #6
Фонетически зарядка.
- Вай муха дийлало? («Хьа-хьа-хьа»)

Слайд #7
-Х1ун 1емар ду вайна тахана урокехь?
Вайна девзар ду…
Вайна хуур ду
Вайна 1емар ду…

Слайд #8
мукъа
мукъаза
зевне
къора
Хь

Слайд #9
Хь хь

Слайд #10
Бераш, элп ХЬ шалха ду,
вуьштта аьлча, элп Хь яздеш шина хьаьрках пайдаэцна.
Муьлханаш ю уьш?
Х+Ь

Слайд #11
Абатехь х1ора элпан шен меттиг ю.

Слайд #12
Дешдакъош дешар.
ХЬА АХЬ
ХЬУ УХЬ
ХЬО ОХЬ
ХЬИ ИХЬ
ХЬЕ ЕХЬ

Слайд #13
Дешнаш дешар.
хьо-за хьа-рам мохь Хьу-мид
хьер хьа-нал бохь Хьава
хьар-хо хье-сап арахь Хьа-мид

Слайд #14
Дийцар дешар.
Бераш хьера экскурсе дахара. Хьумид хьархо ву. Хьер хино хьийзайо. Хьерахь ахьар а, дама а до. Берашна хьеро болх муха бо хиира.

Слайд #15
-Стенах лаьцна ду дийцар?
-Мила ву хьерахь болх беш?
-Мича меттехь ю хьер?
-Х1ун йо хьерахь?
-Мила вахара хьера?Царна х1ун хиира?
-Хьанна лаьа хьархо хила?

Слайд #16
Сада1аран минот

Слайд #17
Махьму́д Алисулта́нович Эсамба́ев вина 1924 шеран15 июлехь Йоккхачу Атаг1ахь. Иза тайпана ишхо вара. Жима волчу дуьйна иза дика хелхаволуш вара. ВорхӀ шо кхаьчча дуьйна дӀа иза ловзарашках хелхавуьлура. Аьтту коган п1елгаш т1ехь хьовза а хьоьвзий, аьрру ког шен коьртах 1оттабалуьйтуш, д1аьндарг санна хьийзарца д1адоладора цо шен хелхар. Махьмудан дена ца лаьара шен к1ант хелхарча хила. Амма Махьмуд къар ца велира.
Шен 13 шо кхаьчча иза Соьлжа-Г1алара хореографин училище деша вахара. 15 шо кхаьчча Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хелхаран а, эшеран ансамбле хелхар дан схьаийцира иза.
Махьмуд кхелхира ши эзарлерачу шеран 7 январехь.

Слайд #18
Эсамбаев Махьмуд
Дика артист вара Эсамбаев Махьмуд.
Вайн махкахь вевзина ца 1ара иза.
Массанхьа а вевзара Махьмуд. Нахана хазахетара цо хелхарш деш.

Слайд #19
Дийцар х1оттор.
-Мила ву суьрта т1ехь ?
-Мила ву Эсамбаев?
-Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?
-Хьанна лаьа хелхарча хила?

Слайд #20
Тобанашкахь болх бар.
Хьоза Цхьогал Хьарг1а

Слайд #21
Элп дайна
1 тоба: ...аьвда, ...аша, ша...ар;
2 тоба: ...уьжар, баь...а, ...остам;
3 тоба: ...ормат, бо..., …ер

Слайд #22
Тобанашкахь болх бар.
1 тоба 2 тоба 3 тоба
хь… …хь… Хь…

Слайд #23
Кица дешар.
Хьайца нах дика хила лаахь,
цаьрца дика хила хьо.

Слайд #24
Туьйра «Йоьхьан юьхьиг»

Слайд #25
Муьлха аз девзира шуна?
-Аз (хь) мукъа ду я мукъаза ду?
-Зевне ду я къора ду?
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз [хь] ?
-Элп Хь цхьалха ду я шалха ду?
Жам1 дар.

Слайд #26
-Х1ун керланиг хии шуна?
Муьлха говзаллаш евзи вайна тахана? Стенна пайде ю и говзаллаш?

Слайд #27
Рефлекси.
- Суна 1емира…
- Со ца кхийтира…

Слайд #28
Муьлхачу дог-ойланца ерзайо аша урок?
- Со кхийти, сан самукъадели!
Суна г1о оьшу, урокехь сан сагатлора …

Слайд #29
Рефлекси

Слайд #30
Баркалла шуна, бераш!
